Хьомсара махкахой!
Тахана вай билгалдоккху нохчийн меттан де. Иза республикерчу нахана чIогIа дукхадезаш дезде ду. ХIунда аьлча нохчийн мотт вайн къоман са ду. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккхачу тидамехь латтадора нохчийн мотт Iалашбар а, кхиор а. Цо олура: «Бер жимчохь дуьйна Iамо деза нохчийн мотт беза, нанас олучу аганан иллица, баккхийчара дуьйцучу туьйранашца, денна а цунна хезачу эшаршца».
Халкъ дийна ду цуьнан мотт мел беха. Вай чIогIа лераме хила деза нохчийн маттаца. Цхьана а кхечу маттахь дийцалур дац, нохчийн маттахь санна, вайн къоман гIиллакхийн, ламастийн хазалла а, кIоргалла а ма-ярра гучуйоккхуш.
Тахана дуьненчохь ялх эзар мотт бу боху. Царах ши эзар гуттаренна а дIабала тарлуш бу, шаьш буьйцуш, хууш цхьа а стаг а воцуш.
Со тешна ву, нохчийн маттаца и цкъа хир дац аьлла. Вайн нохчийн мотт баккхийчара кегийчаьрга дIалуш даима а бехар бу, хIара дуьне мел лаьтта.
Шуна ма-хаъара хаддаза тхан тергамехь ду къона тIаьхье кхетош-кхиор, халкъан культура Iалашъяр.
ХIора шарахь дIахьош ю нохчийн мотт Iамор, бовзар кхин а лакхадаккхарна тIехьовсийна конкурсаш, фестивалаш, тайпа-тайпана гуламаш, цхьаьнакхетарш, кхийолу мероприятеш.
Ши эзар варх1олг1ачу шарахь сан Указца диллина ду Нохчийн меттан Де. ХIетахь дуьйна дIаяьллачу заманахь иза баккъал а халкъан юкъара дезде хилла дIахIоьттина. Суна чIогIа хазахета, оцу дийнахь вайн къоман духаршца урамашка, майданашка девллачу адамаша ненан маттахь иллеш олуш, байташ йоьшуш, забарш еш. Цу дийнахь яхь йолчу хIора а стагана дагадогIу ша нохчийн къоман цхьа дакъа хилар. Иза воккхаве, цо дозалла а до, мел халонаш тIехIиттарх, цIерадахарх, Сталинан набахтешкахь, Iожаллин кхерамехь латтадарх шен мотт а, шен гIиллакх а дIа ца тесначу къомах а ша хиларна.
Вайна тIехь Iаламат доккха декхар ду – нохчийн мотт Iалашбар а, кхиор а. Ларбе иза, тIекхуьучу тIаьхьене лерамца дIа а ло!
Ас даггара декъалдо шу дезчу денца! Дала машаре, ирсе дахар лойла шуна а, шун гергарчарна!
www.grozny-inform.ru
Информационное агентство "Грозный-Информ"